Мамакаев Мохьмад Амаевич вина де
17.12.2014Тахан 17 – чу декабрехь, Мамакаев Мохьмад Амаевич вина де даздеш лерина берийн къовсам д1абаьхьира школехь. Къовсам д1ахьош яра, нохчийн меттан хьехархо, Абдулаева Луиза И. Къовсамехь дакъалоцуш яра, 5-г1ий, 6-г1ий, 7-г1ий, 8-г1ий, 9-г1ий классаш. Жюрино мах хадош меттигаш елира дешархошна. Къовсамехь хьалхара меттиг яьккхира, 7-чу классера дешархочо: Ахметова Раянас. Шолг1а меттиг, 6-чу классера дешархочо: Тагилова Аминас. Кхоалг1а меттиг, 9-чу классера дешархочо: Идигов Беслана. Къовсамехь массо а бераша дика дакъалецира.